Сверь числа и знаки с фото.
Тапалаева Амнат
МАССАРНА ДЕРГ – ЛОВЗАР
Дехаш хилла Зингу цIе йолу цIия цIин зингат. Шен доцу хIумане саца туьйсуш, хьанала къинхьегам безаш хилла иза. Цундела цуьнан дIайийна хIума а дика кхуьуш хилла, ша лелочу беркат хуьлуш а хилла цунна. Делахь а, кхечу зингаташа шегара хIума йехарна кхоьрура и. Цундела тIехIотIуьчу хьешах херделлера Зингу.
Цхьана дийнахь кхуьнан лулахо Дуку хIара долчу деара, тховса лъхьор дан хIума йацара шен аьлла. Цунах дог лезна, шен йолчух йаахIума а йелла, дIадахийтира кхо иза. Цу шарахь, ца девза лазар а кхетта, йалта хIаллакьхилира оцу куьпахь дехачу зингатийн. И мецо даьккхира цара. Мацелча, ша лулахохунна делла йалта дагадогIура Зингуна. ХIинца иза схьаделхьара, дузур дара ша олий, ойла хуьлура тIоразза а. ЧIагIо йира Зингус, тIедогIучу шарахь, шен лулахошна гена а даьлла, шен йалта кхиош, йаьнна кечам бан. ТIаккха ша къахьегнарг цхьаьнцца а декъа дезар дацара.
БIаьсте йоллушехь, цхьаьнгга а ша мича доьду а ца хоуйтуш, арадаьлла, ворхI дийнахь, ворхI бусий некъ бира Зингус, ша резадолу меттиг лоьхуш. Йуххехула охьадоьдуш хьаьтна хи а долуш, даха а, къахьега а авто болуш латта карийра кхунна. ДIасахьаьжча, гуш, сеналлатI беш, са долуш хIумма а йацара. Амма цунах тоам ца беш, гонаха дукха лехха керт а йина, болх дIаболийра зингато. Духа йалта кхиира цуьнан. Iаьнна дакъо стоямаш а хьалаохькира цо. Iуьйранна хьалагIаьттина, гонаха бIаьрг кхарстийча, доккхадедора зингат. Карахъ хи а кхоьхьуш, кхо лелийнчу бешахь доцуш хIума
дацара. Беркат охьаIанийча санна, хьийкъина йара аре. ХIинца кхуьнан къортехь цхьа ойла йара – и беркат лъайна чудерцазо.
Тахана-кхана болх дIаболо беза бохуш хIара Iаш, цхьа ирча мох белира. Iуьйранна махо лекха долийна дуьне сарахь а йухадерзаза дара. ЧIогIа саготта хьийзара зингат, оцу махо шена зие дарна кхоьруш. Цу дийнахь сарралц кхо къахьегарх, эхан ах йалта а чудерзо ницкъ ца кхечира. Ткъа шолгIачу дийнахь, ша а тухуш, стигал тIейилхира. Шен голли чуьра арадала цIакIцIуттуш Ийра зингат, арахь тIехьухъ догIа а хезаш. ХIинца-м дIасецна иза аьлла хеттачу хенахь, аракъедира зингат. Шен дог, иккхина, кийра мел бу дIасадаха моттаделира цунна: кхуьнан бешахь схьаэца хIума ца дитнера оцу йочано. Беша йуккъе охьа а хиъна, дилхира зингат.
Iаьнан хьалхара денош дара, ша кечдина йалта чекх а даьлла, хIара меца дисча. Мацалла кхин тоха са а ца хилла, Iа хIинца бен тIедеъна цахилар тидаме а эцна, шен йурта йухадерза сацам бира зингато.
Гоьлдец диллинчу лайлахула, милла дала, мацалла кийра Ийжаш, ша цкъа а дIакхочур дац моьттуш, некъ бора цо. ДIакхачале гIорор ду ша аьлла, дог диллинчу хенахь схьагуьчуйелира кхуьнан йурт. Мичара беа а ца хуьуш, цхьа ницкъ беара цуьнан дегIе, дедда дахара хIара кхидIа. Шен лулахо Дуку дехачу хIусаман неI туьйхира кхо. НеI схьайиллина, дуьхьал-делира иза.
[Рисунок: чёрный жук с жёлтым брюшком сидит на большой тыкве у деревянного забора; вокруг трава, белые цветы, красные мухоморы, слева яблоко]
— Хьо дац и, Зингу! Хьо мичахь дара? Хьо ловхуш, гонахара аренаш маститта дийнахь теллира оха бIаьстенаи йуьххьехь. Вай, хьо-м, кхин а хьеделлехъ, гIорор ма дара. ТIе ма да кьо, Зингу, хьан Ийжа кийра хьо арахь долуш дуьйна а хезаш ма бу, — аьлла, кхунах къахетта гонаха хьаьвзинчу цо, гIант а делла, пеша йуххе охьаханйна, йовха йуург хьалха а йиллина, хьошалла дира кхунна.
Дукус дийцира, шайга масех де хьалха хьекъалечу, къеначу зингаташа, йоккха йочана хир йу, йалта чудерзо сихо йе аьлла, хаам бина хилар. Цундела кхиира шаьш массо хIума кIелхьардаккха, элира цо. Массарна гена а даьлла охьахиъначу Зингуна ца хезнера и хабар. И хезнехьара, кхо санна токхе хIара Iа цхьамма а доккхур дацара. ТIехьагIучу бIаьста йухалхур йу аьлла, Дукун йаахIума а йууш, даьккхира Зингус и Iа.
Цу Iай Зингус чIагIо йира, кхул тIаьхьа шен йуьртахойх а къаьстина ког ца баккха, цаьрца дика а, вон а доькъуш даха.
Хаттарш а, тIелахарш а
- Кьерта турпалхо мила ву кху туьйранехь?
- Зингул амалш муха гайтина автора? Уьш йерриш а вон абу ала мегар дуй?
- [неразборчиво] хIунда къакхира Зингу? Пайдехъ [обрезано]
[Рисунок: у землянки с круглой крышей двое серых зверьков с мешками и корзиной у входа]
Краткий пересказ
Ответ (5–7 предложений). Жил трудолюбивый зингат по имени Зингу: он всё лето работал в поле, и урожай у него всегда был хороший, но он боялся, что соседи станут просить у него зерно. Однажды сосед Дуку пришёл и сказал, что ему нечем засевать поле, — Зингу пожалел его и отдал зерно. В тот год на поля напала неизвестная болезнь, урожай погиб, начался голод, и Зингу стал жалеть о отданном зерне: он решил, что впредь посеет подальше от соседей и ни с кем не будет делиться. Весной он тайком ушёл из дома, семь дней и ночей искал новое место, нашёл участок у реки, обнёс его крепким забором и засеял. Урожай вырос богатый, но поднялся сильный ветер, потом пошёл дождь — и то, что осталось в поле, погибло, убрать его Зингу не успел. Наступила зима, запасов не было, он голодал и решил вернуться домой. Еле добрался он до дома соседа Дуку; тот удивился, накормил его и рассказал, что старые мудрые зингаты предупреждали о большом ненастье и советовали заранее убрать урожай — сам Дуку успел всё спрятать и дал Зингу зерна до весны. И Зингу понял: больше он не будет отделяться от своих, ведь и хорошее, и плохое надо делить вместе.
Как получился такой пересказ
- Кто герой и что он делает — Зингу, работящий зингат, который боится делиться.
- Первый поворот — он помогает Дуку, потом приходит голод, и Зингу жалеет о помощи. Отсюда его решение: отделиться.
- Второй поворот — он уходит, находит новое поле, получает урожай… и теряет его из-за бури и дождя.
- Развязка — голодный Зингу возвращается, и его спасает именно тот, кому он когда-то помог.
- Вывод (мораль) — нельзя отгораживаться от людей: вместе легче и урожай сохранить, и беду пережить.
Проверка. Все главные события на месте: помощь Дуку → голод → уход и новое поле → буря и потеря урожая → возвращение и урок. Подробности (описания, диалоги, как именно он строил забор) убраны — именно так и получается краткий пересказ.